Нохчийн Республикин коьрта совгӀат гайтина Кадыров Рамзанна

ТӀеман леррина операци дӀайахьаран Республикин кадечу штабан кхеташонехь Кадыров Рамзанна гайтина «Нохчийн Республикин Турпалхо» мидал.

Мехк-Дена и мидал гойтуш а, цунах лаьцна дуьйцуш а, Парламентан спикера Даудов Мохьмада билгалдаьккхира иза 750 цӀеналлин 70 грамман деших йина хилар.

8 маьӀиг йолчу седанан лакхе «КЪОНАХ» дашца къагийна, ткъа лахе — «АЛЛАХӀУ АКБАР • АХМАТ — СИЛА» дешнашца.

Харцахьара агӀо «ГЕРОЙ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ» дешнашца билгалйаьккхина йу.

Оцу мидалца билгалбохур бу ТӀеман лерринчу операцехь хьуьнарш а, доьналла а гайтина а, кхиамаш баьхна а нохчийн къоман бӀаьхой.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: