
Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин 160 сов бӀаьхо билгалваьккхина пачхьалкхан совгӀаташца.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Билггал аьлча, Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указехь бух а болуш, «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» орденан II-чу тӀегӀанан мидалшца билгалваьккхина 24 бӀаьхо.
Иштта, «Доьналла гайтарна» мидалшца кхин 139 бӀаьхо а къастийна.
Цул сов, Россин Федерацин Къоман гвардин директоран Золотов Викторан омранца а догӀуш, «АХМАТ-1» ОМОН-н буьйранчин гӀовсана Арсиев Мохьмадна «полицин подполковник» леррина цӀе а йелла.
Вайн бӀаьхошна совгӀаташ дӀа а луш, Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллехь хилира Къоман гвардин Къилбаседе-Кавказан округан буьйранча Захаров Сергей.