
Соьлжа-ГӀалахь йеш йу кхузаманахьлера цӀерпоштнекъан вокзал.
2018-чу шарахь дуьйна РЖД компани иза йаран белхашна Ӏуналла деш.
Вокзал йаран белхашца цхьаьна дӀахьош бу инженерин сеташ тӀейалоран болх а: хин а, канализацин а сеташ йахкаран болх дӀабирзина, токаца кхачойаран декъехь хӀинца а къахьоьгуш бу говзанчаш.
2024-чу белхаш чекхбахар а, вокзал схьайеллар а Ӏалашонехь ду.
Иштта, цуьнан гуонахара майда а тойийр йу, машенаш дӀахӀиттайойла а йийр йу.
ГӀишлошйархоша билгалдаккхарехь, Соьлжа-ГӀалин башхачу объектех цхьаъ а хилла дӀахӀуттур йолуш йу и вокзал а.