«ГЛАВА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ» — оьрсийн маттахь, «НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МЕХК-ДА» — нохчийн маттахь

Селхана дӀайаьхьначу Нохчийн Республикин Парламентан 40-чу кхеташонехь къобалйина «Нохчийн Республикин Конституцехь хийцамаш баран хьокъехьчу» законан проект.
Цуьнца нийса а догӀуш, тӀечӀагӀйина Нохчийн Республикин Ӏедалан куьйгаллехь волчу коьртачу стеган даржан цӀе — Нохчийн Республикин Мехк-Да.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.