Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университетан мутIаIеламийн ирс хилира 22-чу июнера 26-гIа июнь кхаччалц ширачу Дербент гIалара еза меттигаш цIанъярехь дакъалаца. ХIокху сийлахьчу Рамадан беттан хьурмат деш, шаьш деш долу дика гIуллакхаш алсамдаха лууш болу кегийрхой бара цига, баханарш, верриге а – 75 стаг. Цара дакъалецира бархI гектар дIалоцуш йолу кешнийн хьаьрма бецех, къухIах, кондарех цIанъеш.
Дагадаийта лаьа оцу кешнашкахь дIавоьллина Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) 40 асхьаб хилар (Дела реза хуьлда царна). Кирхляр ю цу кешнийн цIе. Дейтта бIешо хьалха асхьабаш Кавказе баьхкира, кхузахь бусалба дин даржо. Делан цIена дин ДегIестанахь даржош, и сийлахь декхар кхочушдеш кхузахь вожа а вуьйжира царах хIора а. Кхузахь берзийра лахьте а. Уьш дIабоьхкинчу меттехь зерат дира. Иза ган аьтто хилира вайн кегийрхойн.
Таханлерчу дийнахь оцу асхьабийн кешнашна тIехIитта, цигахь Деле доIанаш дан оьху Россин регионашкара хьовха, кхечу пачхьалкхашкара а дуккха а бусалбанаш. Уьш беза хьеший бой тIеоьцу зератана Iуналла деш болчара а, ткъа иштта меттигерчу бахархоша а.
Делера ял хир йолчу оцу мехалчу гIуллакхехь дакъалоцуш бара иштта Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан технически университетан а студенташ, кегийрхойн юкъараллин-политикин «Ахмат» боламан декъашхой. Оцу кхаа дийнахь, шайн багахь марханаш хиларе а, арахь Iаьткъина йовхо хиларе а ца хьоьжуш. вайн регионерчу кегийрхоша доггаха къахьийгира. Шаьш болх бина (кешнаш цIандина) девлча Кунта-Хьаьжин цIарахчу университетан мутаIеламаша доIа дира вайн халкъах. бусалбанийн умматах Деле къинхетам бар, церан дахар маьрша дар, токхе дар, уммат ийманехь чIагIдар, бусалбанийн барт бар доьхуш. Дела реза хуьлда царна.
Цу тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалацаро вайн кегийрхойн ийман чIагIдо, кхечу къаьмнийн кегийрхошца уьйр-марзонаш хуьлуьйту. Иза хIумма а кIезиг а дац-кха.
С.ХАМЗАТОВ
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо
