
Россерчу берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан дáкъа схьадиллина А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
Цунна лерина цхьаьнакхетар Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнашца дӀадолийра.
Цул тӀаьхьа ша и болам а, цунах лаьцна хаамаш а бовзийтира гулбеллачарна.
Иштта, студентийн хаттарш а ца дитира тидамза.
Мехала дара оцу цхьаьнакхетарехь студенташа жигаралла гайтар а, боламан дéкъан балхаца доьзна цхьацца дӀадолорш довзийтар а.