Кадырова Хадижата дӀакхайкхийна «ДЕГАН КХАЙКХАМЦА» болам

Соьлжа-ГӀалин мэрин Ишколал хьалхарчу дешаран департаментан хьаькама Кадырова Хадижата дӀакхайкхийна гӀоьналлин болам.


«ДЕГАН КХАЙКХАМЦА» аьлла болу иза, кхеташ ма-хиллара, мохкбегоро даккхий зенаш динчу шемахошна а, туркошна а лерина бу.

«Шемахь а, Хонкарахь а хилла бохаме хиламаш бевзаш бу массарна а. Зенаш хиллачарна иза доккха зер ду. Делахь а, иштта доккха зер иза вайна (бусалбанашна) а ду — вайн вежаршна а, йижаршна а гӀо оьшучу хенахь, лаьттар ду вай йуьстаха йа дац?!«, — билгалдаьккхина Департаментан векалша баржийначу хаамехь.

И болам Кадырова Хадижата ша дӀа а болийна, шемахошкарчу а, туркошкарчу а баланах халахетаран дакъа кхаьчначу дегнашка (адамашка) кхидӀа дӀа а кховдийна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: