
«Росмолодежь. Гранты 2023 года!» конкурсана лерина цхьаьнакхетарш дӀадаьхьна А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
Студентийн дӀадолорш кечдарна а, аудиторина хьалха уьш довзийтарна а лерина цхьамогӀа Ӏаморан цхьаьнакхетарш «Дети капитана Гранта» марафонан гурашкахь дӀадаьхьна.
Ткъа #Грантовый_конвейер аьллачу цхьаьнакхетарехь студенташна хьехна лакхахь хьахийначу конкурсе белхаш кечбарца доьзнарг.