
36 тонна гуманитарин гӀо-орца а эцна, Нохчийчуьра хьалхара кема кхана дӀагӀур ду Шема.
Тахана шен хиллачу дуьххьалдӀачу эфирехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан вице-премьера — бахаман а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министра Кадыров Хьамзата.
Цо билгалдаккхарехь, хьалхара рейс Шемарчу Алеппо гӀала йийр йолуш йу.
Иштта, цул тӀаьхьа кхин 5 рейс а йийр йу кеманаша, Нохчийчуьра гуманитарин гӀо-орца Шема дӀа а кхачош.
Кадыров Хьамзата хаийтарехь, Нохчийчоьнан Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, коьрта гӀо-накъосталла шемахошна дийр долуш делахь а, туркой а бац вайгара гӀо доцуш буьтур болуш.