Талу тоьхначу кехатца зен дан гӀоьртина Алаудинов Аптина

«АХМАТ» спецназан буьйранчина, тӀеман 2-чу корпусан буьйранчин гӀовсана Алаудинов Аптина талу тоьхначу кехатца зен дан гӀоьртина мостагӀий.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

«Шун синош а тедеш, хоуьйту: цуьнгахь дика хьал ду, дахарна кхерам бац«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Цо билгалдаккхарехь, чиллин беттан 8-чохь хилла хӀума ду иза.

Шега даийтина кехат талу тоьхна хиларх кхеттачу Алаудинов Аптис а, цуьнан адъютанташа а сихонца «кхерамзаллин гӀулчаш» йаьхна хиларо беркате Ӏаткъам бина.

Иштта, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана хаийтина ша Алаудинов Апти а, цуьнан ший адъютант а Москварчу клиникехь хилар.

«Цуьнца цхьаьна дӀахьош талламан болх а бу. ЖамӀаш ду хӀинцале а«, — дерзийна шен кост Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: