Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь Одесса а, Харьков а схьайаккха йеза аьлла хеташ ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан.
«Схьайаккха йеза Одесса, Харьков а схьайаккха йеза, вайн пачхьалкхан кхерамзалла иштта дӀа а чӀагӀйеш«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас «Россия 1» телеканалан эфирехь арайолучу «60 минут» программина ша йеллачу интервьюхь.