Массо а къоман шен-шен амалш, Iадаташ, гIиллакхаш ду. Уьш хестош яздо иллеш, эшарш. Цу тIехь къахьегна нохчаша а.
Дуй-те и Iадаташ, амалш шайца сакхташ, ледарлонаш йоцуш?
ГIараваьллачу нохчийн яздархочо Айдамиров Абузара а дукха яздина цу хьокъехь шена хетарг.
Къам, халкъ олу вай. ХIун башхалла ю царна юкъахь? Даймохк цхьаъ болуш, мотт, дин, оьздангалла, Iадаташ цхьаъ долуш, шен истори а йолуш, арахьара цхьа бохам тIебогIуш хилча, цу бохамна цхьабарт а хилла, дуьхьалхIитта кхетам а болуш долчу адамех къам олу. Халкъ, цхьана пачхьалкхехь дехаш долчу адамех олу. Цхьана пачхьалкхан халкъ дуккха а къаьмнех лаьтташ хила тарло.
Цхьана философа аьлла боху: «Нагахь шайна къам хIаллакдан лаахь, цу къоман оьздангалла, Iилма хIаллакде. Дешар, Iилма муьлххачу а къоман бух бу, оьздангаллин а, къам кхиоран а хьоста ду. ТIекхуьучу тIаьхьено Iилма Iамош ца хилча я иза ледара Iамош хилча, цу тIаьхьенна хуур дац шен къоман хиндерг лаха, сирла кхане кхолла.
Хууш ма-хиллара, бераш кхетор, кхиор, царна 1илма 1амор школехь дIадолало. Муха, мича хьолехь ду-те тахана школехь долу дешаран хьал? Йоццачу хенахь Республикин куьйгалло дика хьелаш кхоьллина кегийчарна Iилма Iамор тоьлла хилийта, церан дешаре болу безам совбаккха. Кхоьллина материально-технически бух. Делахь а, билгалдаккха деза, бераш кхетош-кхиорехь долу сакхт. Далла а, махкана а хьалха доьзалш кхетош-кхиорехь шайна тIехь мел декхар, жоьпалла ду ца хаьа цхьаболчу дайшна, наношна. Доьзалшкахь шаьш бан беза болх ца бо цара, шайн лаамехь хьалакхуьуьйту бераш. Тахана муьлххачу школехь бечу дай-нанойн гуламе (родительски собрани) юккъерчу барамехь 40 процент бен дай-наной ца богIу. Цо гойту берийн кхолламан бала церан кIезиг бу.
Дуьненахь муьлхха а пачхьалкх халкъо тIеэцначу Конституцица, низамца, къоман Iадаташца ехаш ю. Цу халкъо лардо и низам а, Iадаташ а.
Амма, цхьаболчу нохчашна ца деза уьш, цара шайн иэшам беш делахь мухалле а.
Бакълуьш берш харцлуьйчарех къастан, хьарамниг хьаналчух къастош я луьттар, я цаца бац церан. Доьзалхочо цхьа вониг динехь, цунна Iедале таIзар ца дайта, чу ца волийта ахчанца бохчашна арадолуш гIиллакх ду цхьаболчеран. Ткъа шариIато и ден боху вайга? «Федеральни суд» олучу передаче хьажаза наггахь а хир вац. Цигахь вайна го, бакъдерг а дуьйцуш, шайн дена дуьхьал а тоьшалла деш, нагахь цуьнгара ледарло яьллехь. Ткъа, цхьаболчу нохчаша шайна дихкина бакътоьшалла дар. Стаг шайн волчарна а, нахана а зуламе, ямарт вуй хаьа, амма и сацо ца гIерта. Iедало иза лаьцча, цунах бакъдерг ца олу, цунах а, цуьнан нахах ийзалуш, кхоьруш.
Зулам деш, ямартло лелош болчу нехан сий деш, царна хьесталуш лела цхьаберш. И зуламе стаг кхелхинехь, цуьнан тезет лардо, цул диканиг, бусалбаниг вацара бохуш, тоьшаллаш а деш.
Къомана юкъахь хуьлу хьекъал, кхетам болуш доьналла, майралла йолуш нах. И дерриге а шайца дерш дукха ца хуьулу. Кхетам лахара а болуш, майралла йолу нах халкъо шена хьалхатеттича я кхин бахьана хIоьттина куьйгалле баьхкича, къоман а, пачхьалкхан а кхиар ца хуьлу, я и кхиар ледара хуьлу, хIунда аьлча, хьекъалал хьалха цара майралла лоьхуьйту. И дара вайн къомана 1991–1999-чуй шерашкахь иэшам бинарг.
Шеко йоцуш, нохчаша санна чIогIа Делан цIена исламан дин лелош меттиг яц дуьненахь. Эвлияийн беркат махкахь хьийзар ду иза. Доккхачу орцанца, зуькарш деш, сагIанаш дохуш, Къуръан доьшуш верзаво вай кхелхинарг.
Вайн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров бахьанехь къоман бусалба дине болу безам, шовкъ, марзо кхин а совъяьлла. Дайтина даккхий маьждигаш, хьуьжарш, хьафизийн школаш, махкахь, иштта махкал арахьа сагIанаш дохуьйту.
ШариIат, къоман Iадаташ чIагIдеш, дайшкара схьаеана йолу къоман тоьлла амалшца нислуш, цаьрца йолу сиркхонаш дIайохуш къахьега деза вай массара а.
Дала хьуьнар, доьналла, кхетам лойла вайна цу тIехь.
АРЖИЕВ Бадрудди, штатехь воцу корреспондент
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо