Мохкбегоро зенаш динчу шемахошна а, туркошна а гӀо-орца каде вовшахтохарехь жигаралла гайтинчу нохчийн халкъана баркалла аьлла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, 230 тонна гӀо-орца ду нохчийн халкъо 2-3 дийнахь вовшахтоьхнарг.
Иза билгалдаьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас Правительствон декъашхошца дӀайаьхьначу кхеташонехь.