
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана а, Воронежан областан губернатора Гусев Александра а куьйгаш йаздина шина субъекта цхьаьнагӀуллакхдаран хьокъехьчу Бартана.
Цуьнца а догӀуш, социальни а, экономикин а, Ӏилманан а, техникин а, культурин а дакъошкахь гӀуллакхаш цхьаьна а, берттахь а кхочушдан лерина йу ши субъект.
Цул сов, йуьртан бахаман а, транспортан а, промышленностан а, гӀишлошйаран а, архитектурин а дакъош а цунна йукъаозо тарлуш ду.
Тидамза дуьтур дац могашалла Ӏалашйаран а, дешаран а, спортан а, туризман а, кегийрхойн гӀуллакхийн а дáкъош.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республика а, Воронежан область а цхьаьнагӀуллакхдан лерина долу дáкъош йоккха тӀаьхьалуо йолуш ду.