
1 540 меттигна лерина 13 берийн беш йийр йу вайн махкахь карарчу 2023-чу шарахь.
И бошмаш йаро бӀеннашкахь белхан меттигаш а кхуллур йу — 677.
Вуьшта, берийн бошмашца доьзна хьал довзуьйтуш хилча, республикехь уьш 480 хилар билгалдаккха догӀу.
Оцу бошмашкахь берашна лерина 60 854 меттиг йу.
Ишколал хьалхара дешар кхиоран дéкъана доккха гӀо-накъосталла деш йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахлера Йукъараллин фонд.