(Гайсултанов Iумаран 95 шо кхачарна лерина)
1825-чу шеран 14-чу декабрехь, цIеххьана стигал къевкъича санна, цхьана озехь евллачу яккхичу тоьпаша Iадийра Петербух. Килсана хьалха йолчу Сенатан майданахь декабристийн гIаттам герзаца дIахьаькхира Россин императора Николай хьалхарчо. ГIаттаман пхи куьйгалхо тангIалкхаш тIехь ирхоьллира, дийна бисинарш буржалаш тоьхна Сибреха хьовсийра. Сибрех хьажийначарна юкъахь вара Россин эскарийн эпсар Волконский Сергей. Дерриге дуьненан исторехь сирла цIе йитина, Сергейн хIусамнанас Марияс, шен лаамехь и шийла некъ юьхьарберзина хIусамдена тIаьхьа Сибрех яхана. Инзаре дукха дуьхьалонаш йина гергарчара, бевза-безачара цу къаьхьачу новкъа Волконская Мария ца ялийта. Цкъа делахь, Iедал хилла еххачу заманахь бакъо ца луш дуьхьалдаьлла. ШолгIа делахь, инарла волчу Мариин дена, Раевский Николайна чIогIа лууш ца хилла шен йоI, цIийзачу шелоно шок еттачу Сибрех яхийта. ТIаккха шен веше кехат яздо къаръяла дагахь йоцчу Волконскас: «Сашенька, сан хьоме ваша, хьо мукъане кхетахь, со сайн хIусамдена уллехь хила езаш хиларх. Тахана дуьненахь, кхана къемат дийнахь сан хIусамда ма ву иза, сан берийн да ву, Далла гергахь а со декхарийлахь ю Iазапехь волчу сайн хIусамдена уллехь хила. Сашенька, ас доьху хьоьга, гIо де суна. Вайн дас ахь аьллачуьнга ладугIу. Ала цуьнга со новкъа ялийта. Кху тIехь ахь суна гIо дахь, дуьненчохь яккха йисинчу ханна, сайн доIанашкахь ас хаддаза Деле воьхур ву хьо, Сашенька!» Вашас гIо-накъосталла дой новкъа йолу Волконская Мария, нуьцкъала амал йолуш хьуьнаре зуда хиларе терра шен хIусамдена тIекхочу.
Бакъду, дуьххьара цу мискано яздина кехаташ доьшуш цхьанна а ца хаьара и Сашенька мила ву. ТIаьхьо нохчийн сийлахь воккха яздархочо Гайсултанов Iумара язйина «Александр Чеченский» цIе йолу роман ешча гучуделира оьрсийн инарлин Раевский Николайн доьзалехь хьалакхиина майра эпсар хилларг, вайн махкахо хилар. Цуьнга доьхуш хиллера Волконская Марияс гIо-орца. Дукха къахьегнера нохчийн яздархочо Гайсултанов Iумара Александр Чеченскийн лар толлуш. Цкъа мацах Дадин-Юьртара бераллехь дIавигина Захаров Петр санна, оьрсийн эпсара Раевский Николайс Алдера дIадигина хиллера нохчийн жима бер. Бакъду, кхечуьнга дIаса ца луш, шен нене дIавелла, ша дола деш, цуьнга кхабийтина цо нохчийн и жима кIант. Юучуьнца, молучуьнца Iуналла дина ца Iаш, леррина гувернанташ лаьцна йоза-дешар Iамадайтина, тIаккха Москва-гIалара университет чекхъяккхийтина. ТIаьхьо Николай санна оьрсийн эскаран эпсар хилла Александр Чеченский. И дерриге а талла а теллина Гайсултанов Iумара дика роман язйина оьрсийн доьзалехь кхиъначу нохчийн кIантах. Кхузахь билгалдаккха луура дара, романехь яздархочо шена хетарг, луург дац яздинарг. Цо Iаламат дукха болх бина архивашкахь, бакъдолчунна тIекхаьчна, иза дешархойн кхиэле дилла лууш. Н.Задонскийс язйина «Денис Давыдов» роман ешна ца Iаш, Гайсултанов Iумара историкан В.Поттон дукха белхаш бешна. Иштта болх бина Москва-ГIалахь йолчу Россин тIеман исторически музейхь. Цигахь хIинца йолуш ю формуляр «О делах генерал-майора пехоты Александа Чеченского».
Раевский Николайн да Николай дIаваьлча, цуьнан нана Екатерина шолгIа маре яхана оьрсийн эскаран инарла хиллачу Давыдов Левга. Оцу бакъдолчо кхетадо вай Россин турпалхо Давыдов Денис муха вевзина Чеченский Александрана, цу шиннан гергарло муха тасаделла. И шиъ цхьана доьзалехь хьалакхиъна ву. Оцу бакъдолчо таро елла Чеченский Александрана россин гIарабевлла бевзачу поэташца, яздархошца доттагIалла лело. Царна юкъахь бара А.С.Пушкин, М.Ю. Лермонтов, Н.А.Задонский. Церан массеран дагалецамашкахь хьахийна ву Александр Чеченский. Iалмат мехала ду Гайсултанов Iумара царах массарех пайда эцна хилар. Оцу балхо гойту мел воккха къинхьегамхо хилла вайнехан яздархо. Мел дукха дезаш хилла цунна шен къам, мохк, цаьрца доьзна мел дерг. Бакъду, и цхьа книга язйина Iаш вац Гайсултанов Iумар. 1959-чу шарахь дара цуьнан дуьххьарлера «Болат-гIала йожар» цIе йолу повесть зорбане яьлча. Вайнехан халкъан бартан кхоллараллина тIетевжина язйина яра и повесть. 1944-чу шарахь сталински хьадалчаша махках баьхначуьра цIабоьрзуш болчу нохчашна мел боккха кхаъ хиллера цу говзарх. Вайн оьздачу дайн яхь, доьналла, собар, гIиллакх, оьздангалла гойтуш ю иза. Бераш кхетош-кхиорна тIехьажийна болх бу «Болат-ГIала йожар» цIе йолу повесть. Амма кIезиг дац цунна юкъахь баккхийчарна пайдехь дерг а. Гайсултанов Iумаран ерриге кхолларалла ю нохчийн къоман литературин йоккха хазна. Iаламат новкъа ду хIинцалерчу кегийрхоша цуьнан «Кавказан лаьмнашкахь» повесть я «Сема лергаш» цIе йолу дийцар цадешар. Нуьцкъала амал кхион, Даймохк беза, воккханиг лара, сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъян гIо дира царна оцу говзарша. И данне дац воккхачу яздархочун Гайсултанов Iумаран кхийолу говзарш дIататта еза бохург. «Малика», «Iаьрби», «Тешаме доттагI», «Мила ву хьо», «Малх массарна белийта», иштта дуккха кхийолу цуьнан книгаш мах боцу беркат хилла дIахIиттина нохчийн литературехь. Ма-дарра дийцича, нохчийн литературехь лараме меттиг дIалаьцна Iаш яц цуьнан книгаш. Уьш зорбане йийлина Молдавехь, Латвехь, Украинехь, иштта кхечу мехкашкахь а. Цул совнаха, оьрсийн матте яьккхина «Болатан-ГIала йожар», «Массарна белийта малх» повесташ берашна леринчу литературехь тоьллачарех хилар билгалдоккхуш къастийна яра 1960-чу шарахь СССР-н яздархойн союзехь.
Гайсултанов Iумар 1920-чу шарахь Шелахь дуьнен чу ваьлла вара. Ялхийтта шо кхачале кхиамца юккъера школа чекхъяьккхинера цо. ТIаккха рабфакехь дешнера. Шелан кIоштан дешаран дакъошкахь белхаш бинера, 1941-чу шарахь тIаме дIаваххалц. 1943-гIа шо чаккхене дерззалц тIемаш бинера мостагIчунна дуьхьал, еза чевнаш хиларо юкъара ваьккхира, цхьана ханна госпитале кхачош. ТIаккха шен къизаллица цIевзина схьакхечира 1944-чу шеран 23-гIа февраль. Махках даьккхира дерриге халкъ. Цу декъазчу декъахь вара нохчийн хинволу яздархо Гайсултанов Iумар. ГIиргIизойн махка кхечира кхеран доьзал. Дерриге нохчийн къомо санна лан дийзира шело, гIело, мацалла, харцо. Амма цкъа а Делан диканах дог дилла лууш воцчу Iумарна хаьара, цкъа мацца а Даймахка ша цIавоьрзур вуйла. ТIаккха нохчийн къам, мохк, литература юха денлур юйла. Казахстанера цIавирзича Гайсултанов Iумара тайп-тайпана белхаш до: цкъа Нохч-ГIалгIайн радиохь, тIаккха «Ленинан некъ» газетехь, цул тIаьхьа нохч-гIалгIайн книжни издательствехь. Амма миччанхьа болх бинехь а, цкъа а дагтIе куралла йоьссина стаг вац иза. Нохчийн къам, мохк цIиндала лууш къахьегна ву. Тайна амал, маслаIате къамел, вайн ворхIе дайша хIайкал санна лийрина оьздангалла шеца йолуш стаг вара иза. Цундела сирлачу седанах лепаш даха дисина цуьнан амат Гайсултанов Iумар вевзаш хиллачийн дегнашкахь. Йоккха а, маьIне а ю къоман литературехь цо йитина лар. ТIекхуьучу чкъурана йолчу таронца иза йовзийта декхарийлахь ду вай. Боккха пайда боллу Гайсултанов Iумара берашна лерина язйинчу книгашца. Къаьсттина «Болат-ГIала йожар» цIе йолчуьнца. Вайн бакъо яц иза дицдан.
ГАЗИЕВА Аза
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо