Туркойн махка гуманитарин гӀо-орца эцна 2 кема дахана Нохчийчуьра

Нохчийн Республикера гуманитарин гӀо-орца (63 тонна) эцна 2 кема дахана туркойн махкарчу Газиантеп гӀала:
— 60 тонна йовха хӀуманаш (божарийн, зударийн, берийн духарш, и.д.кх.а);
— 3 тонна тайп-тайпана хӀуманаш (50 эзар мӀаьжгаш, 500 кийла пазаташ, 1 тонна хӀур, 500 кийла коча саба, цергаш цӀанйаран 2 эзар гӀирс).

Гуманитарин и гӀо-орца вовшахтоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо, шеца цхьаьна гӀоьналлин «Хайра» йукъаралла а йолуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: