Нохчийчуьра гуманитарин гӀо-орца эцна рогӀера 2 кема дахана Шема

Мохкбегоро зенаш динчу шемахошна а, туркошна а гуманитарин 160 тонна сов гӀо-орца хьажийна Нохчийн Республикера.

Оцу белхан могӀарера ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортера рогӀера 2 кема дахар а.

Шемарчу Латакия гӀала дахана и шиъ.

Меттигерчу бахархошна лерина гуманитарин и гӀо-орца (62 тонна) вовшахтоьхна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо, шеца цхьаьна гӀоьналлин «Хайра» йукъаралла а йолуш.

Йовха хӀуманаш (божарийн, зударийн, берийн духарш, и.д.кх.а) а, берийн даарш а, токан генераторш а, серлотохаран гӀирсаш а, гоьнаш а, гӀайбанаш а, йургӀанаш а ду цунна йукъадогӀуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: