«Кхерамза дика некъаш» проектан гурашкахь 3 тӀай тодийр ду

Республикин тӀегӀанерчу некъашкахь 3 тӀай (174,6 м) тодийр ду карарчу шарахь.

ТӀехьа-Мартан а, Нажи-Йуьртан а, Шаран а кӀошташкахь ду уьш:
• 1) Р-217 «Кавказ» некъа тӀера СемаӀашка боьдучу некъан 1-чу км долу тӀай (йохалла — 102,6 м);
• 2) «Нажи-Йурт — Зандакъа — Симсара» некъа тӀера Гилна боьдучу некъан 1-чу км долу тӀай (йохалла — 51 м);
• 3) Кенхи йуьрта боьдучу некъан 9-чу км долу тӀай (йохалла — 21 м).

И белхаш «Кхерамза дика некъаш» къоман проектан гурашкахь дӀахьур бу.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: