
Социальни маьӀне объекташ Интернетана тӀетасаран болх Россин Федерацехь чекхбаьккхина хьалхара субъект Нохчийн Республика йу.
Билггал аьлча, каде болх 2019-2021-чуй шерашкахь бина — оцу муьрехь, «Хаамийн инфраструктура» проектаца а догӀуш, Интернетана тӀетесна 628 объект.
Цул сов, хаамийн «Госвеб» порталах пайдаэцаран проект кхочушйарехь дакъа а долуш, федерацин субъекташлахь 2-гӀа меттиг а йаьккхина Нохчийчоьно.
Йуханехьа йолчу зӀенан платформина тӀе тайп-тайпана хьукматаш тасаран болх а дӀабаьхьна даханчу 2022-чу шарахь.
Цуьнан жамӀаш иштта ду: ишколал хьалхарчу дешаран 465 хьукмат а, могашалла Ӏалашйаран 57 хьукмат а.