Культурин тӀаьхьалуонийн объектийн дозанаш билгалдаха а, цигахь бакъонийн раж ларйан а йеза.
Правительствехь ша дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь дӀахьедар дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цуьнца цхьаьна, Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, вайн къоман культурин а, историн а тӀаьхьалуо йовзийтаран декъехь а къахьега деза.
«Кхачам боллуш и болх дӀахьохь, цуьнан чаккхе йоккха а, маьӀне а, беркате а хир йу«, — элира цо.