Кхочушйечу проектийн могӀарехь — хӀусамийн-коммунальни бахаман декъере 32 проект

Карарчу хенахь республикехь кхочушйечу проектийн могӀарехь хӀусамийн-коммунальни бахаман декъере 32 проект йу.

Цул сов, 2023-чу шарахь йукъараллин 41 майда а схьайоьллур йу муниципалитеташкахь.

ГӀишлошйаран дакъа кхиийтаран Ӏалашонца а догӀуш, Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, Теркан а, Гуьмсан а, Шелан а кӀошташкахь кхочушдеш цхьамогӀа гӀуллакхаш а ду.

Даханчу шарахь а санна, карарчу шарахь а къаьсттинчу тергонехь латтор ду «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проект кхочушйар.

Иза билгалдаьлла Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министрийн Файзуллин Ирекан а, Зайпуллаев Муслиман а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: