
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу «Нохчийн меттан говзанча» къовсамехь дакъалаца луучаьргара дехарш схьаэцаран болх дӀабирзина.
Нохчийн меттан институтан векалша билгалдаккхарехь, 1 эзар гергга дехаран кост ду бахархоша схьатеснарг.
Карарчу шарахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан шарца боьзна коьрта къовсам бу иза.
Цуьнан совгӀаталлин фонд 8 млн ₽ барамехь йу:
· 1-ра меттиг йаккхарна — 5 млн ₽;
· 2-гӀа меттиг йаккхарна — 2 млн ₽;
· 3-гӀа меттиг йаккхарна — 1 млн ₽.