Вайн махкахь хIора шарахь а 3-чу июлехь билгалдоккхуш ду Россин Федерацин МВД-н ГИБДД-н де.
Дуьххьара, 1939-чу шарахь, Халкъан комиссарийн Советан сацамца некъан боламан бакъонаш ларъяран Iалашонца кхоьллина СССР-н МВД-н пачхьалкхан автомобилийн инспекци. ГАИ-н цIе 1998-чу шарахь ГИБДД (Пачхьалкхан некъан боламан кхерамазаллин инспекци) аьлла хийцина.
ХIетахь кхин хилла некъан боламан бакъонаш: гIашлочо гIудалкх теттина вогIучунна некъ бита безаш, шолгIачо говр-ворданахь вогIучунна некъ бита безаш, говр-ворданахь вогIучо – машенна, машенахь вогIучо – леррина йолчу машенна а, автобусна а.
1960-чу шарахь некъан боламан хьокъехь йолчу дуьненаюкъарчу конвенцех дIакхетта советийн пачхьалкх. ХIетахь тIеэцна йолу бакъенаш вайн пачхьалкхехь гIуллакх дан 1961-чу шеран 1-чу январехь юьйлаелла.
Аттачех бац некъан боламан инспекторийн болх. Бакъду, цхьаболчу водительшна деззане а ца деза новкъахь лаьтташ инспектор гар, амма ойла йича цунна шена а хаьа цара къепе ларъеш ца хилча некъашкахь хинйолу къепазалла.
Россин Федерацин МВД-н ГИБДД-н Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин леррина долчу тIедахкаршкахула волчу лаккхарчу инспектора Кадимагомаев Лом-Iелас дийцарехь, вайн некъаш тIехь шо-шаре мел дели алсамъюьйлу машенаш, уьш алсамйовларе терра тIекхета ГИБДД-н болх а. Инспекторан коьрта декхар ду некъан боламехь бохамаш цахилийтар, адамийн дахар, могашалла Iалашъяр. Гуттар а дIаса лелаш ю машенаш, адам. Амма, халахеташ делахь бохамаш хуьлуш а нисло. Адамо некъан боламан бакъенаш цаларъяр бахьанехь нислуш бу и берриге а бохамаш. Ша машена хиъна араволучу хIора а водительна хууш хила еза некъан бакъенаш, цул сов ша санна долчу адамашка лерам хила беза. Нагахь цуьнан лерам белахь цо ларйийр ю ерриге а бакъонаш. Ша ларлуш а, шегара дала тарлучу зуламан ойла еш а хила веза хIора а. Масала, карара шо доладелчахьана 198 некъан-транспортан бохам хилла вайн республикехь, цу бохамашкахь 64 стаг кхелхина, 320 стаг лазийна. ДIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича мелла а лахара ду и терахь, 2014-чу шеран хьалхарчу эхашарахь 212 некъан-транспортан бохам хилла, кхелхина 73 стаг, лазийна 337.
ДIадаханчу шарахь мелла а алсам бара некъашкахь хуьлуш болу бохамаш, шо юккъе даьллачу хенахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца вайн республикера ерриге а министерствош, бохамаш ведомствош, граждански, юкъараллин организацеш цхьана а кхетта, и бохамаш цахилийтарна дуьхьал болх бан болийра. Шуьйрра дIаяхьа йолийра школашкахь, дешаран учрежденешкахь некъан боламан бакъенаш йовзуьйтуш мероприятеш, маьждигашкахь, иштта кегийрхой цхьаьнакхетачохь цу декъехь кхетош-кхиоран болх бора. Арабевлла бара ГИБДД-н берриге а белхахой, некъан бакъонаш талхош хаабеллачу водительшна гIуданаш тохарал сов отделашка схьабалабой, цаьрца кхетош-кхиоран болх бора. Кхетош-кхиоран болх дIабахьарехь къаьсттина жигара дакъалецира вайн муфтиятан, дешаран а, Iилманан а транспортан министерствийн белхахоша. Амма динчух тоам бина ца Iаш, и болх бахархошца гуттар а беш хила беза, тIаккха лахлур бу некъашкахь хуьлу бохамаш.
Халахеташ делахь а, вайн цхьаболу водительш шена некъан бакъо талхорна тухучу гIуданах бен озалуш бац. Оцу водительна хаа деза нагахь ша некъан бакъе талхор бахьанехь стеган кхалхар я чолакх висар нислахь ша Далла гергахь а жоьпе вуйла а, и стаг шех хьаьрчаш вуйла а.
– ХIокху дезачу дийнах дерг аьлча, ГИБДД-н хилла ца Iаш, дерриге адамийн деза де хета суна хIара, хIунда аьлча вай массо а ву некъашкахула дIаса лелаш. Цундела оцу денца массо а декъал ван лаьа суна. Дала дерриге а вуочух, зуламах лардойла вай, вовшех дашар а, вовшийн дезар а лойла вайна. Вай собаре, кхепе. низам лардеш хилахь Дала а къинхетам бийр бу вайх, –элира Лом-Iелас шен къамел дерзош.
Р.МУСИПОВ
Авторан суьрташ
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо