Нохчийчуьра рогӀера 30 тонна гуманитарин гӀо-орца дахьийтина Шема

Нохчийн Республикера 30 тонна гуманитарин гӀо-орца эцна рогӀера кема дахийтина Шемарчу Латакия гӀала.

Дуьйцуш долу гӀо-орца Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортехь кеманна тӀедоттарехь дакъалаьцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кӀентан доьзалхоша Адама а, Ӏелас а.

Иштта, Нохчийн Республикин вице-премьер — лаьттаца а, бахамца а йолчу йукъаметтигийн министра Кадыров Хьамзата а, къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада а, физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министра Ибрагимов Ӏийсас а лецира цигахь дакъа.

Дахьийтинчу гӀо-орцанна йукъахь довха духарш (4.5 тонна) а, берийн даарш (4 тонна) а, дама (2 тонна) а, дуга (2 тонна) а, гӀайбанаш (6 эзар) а, йургӀанаш (6 эзар) а, гоьнаш (2 эзар) а, 60 стагана лерина четарш (10) а, рацеш (10) а йу.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах вовшахтоьхна гуманитарин гӀо-орца ду иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: