
Айдамиров Абузаран цӀарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекин фонд ГӀирмерчу авторийн киншкашца а, журналашца а тӀейуьзна.
Цигарчу бахархойн историх а, культурах а лаьцна йу уьш, иштта, музыкин ламасташ довзуьйтуш а.
«Единая Россия» партис кхочушйечу «Культура малой Родины» проектан гурашкахь дӀадаьхьна гӀуллакх ду иза.
ГӀирмин Пачхьалкхан Кхеташонна куьйгалла дечу Константинов Владимира хаийтина и маьӀне гӀуллакх ламасте дерзор Ӏалашонехь хилар.