Нохчийн халкъ махкахдаккхаран бохаман 79 шо кхачарна лерина гулам

Шен махках а, пачхьалкхаллах а доккхуш, нохчийн халкъ Йуккъерчу Азин а, Сибрехан а аренашка хьажийнчу бохаман 79 шо кхачар билгалдаьккхира тахана Соьлжа-ГӀалин йуккъехь.

Гуламан коьртехь хиллачу Парламентан спикера Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан кост дӀадийшира гулбеллачарна.

Ткъа уьш алссам бара, шайн могӀарехь мехкан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжас а, Правительствон а, Парламентан а декъашхой а, бакъонаш ларйаран органийн буьйранчаш а, Ӏилманчаш а, Ӏеламнах а болуш.

«1944-чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнахьлерчу бохамах тера бохам кхин ма гойла вайн халкъана! Дала декъалвойла оцу бохамехь, хийрачу махкахь мел кхелхинарг!«, — олуш, Даудов Мохьмада шен къамел дерзийра.

Ӏилманийн академин президента Умаров Джамбулата оцу бохамца йоьзначу историн а, хиламийн а агӀонаш йовзийтира.

Шайн Даймахке са а туьйсуш, хийрачу мехкийн аренашкахь бакъдуьнена бирзина нохчий дага а лоцуш, мехкан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас динчу доӀанца дӀабирзира гулам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: