
«Нохчийн Республикин Турпалхо» сийлаллин 1-ра цӀе йелла тахана Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна.
«Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а дуьхьа ахь динчу гӀуллакхийн маххадор далур долуш дац, нагахь бина леррина талламаш бацахь«, — билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада.
Даймехкан гӀаролхочун денна леринчу даздарийн цхьаьнакхетарехь дӀадаьхьна и маьӀне гӀуллакх.
«Нохчийн Республикин Турпалхо» сийлаллин цӀарца луш 750 цӀеналлин 70 грамман деших йина мидал а йу.
8 маьӀиг йолчу цуьнан седанан лакхе «КЪОНАХ» дашца къагийна йу, ткъа лахе — «АЛЛАХӀУ АКБАР • АХМАТ — СИЛА» дешнашца.
Харцахьара агӀо «ГЕРОЙ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ» дешнашца билгалйаьккхина йу.