АллахI Делера доккха совгIат кхаьчначарах цхьаъ ву Соьлжа-ГIалин №50 йолчу школин 10-чу классан дешархо Дудаев Мохьмад – иза ХьаьжцIа вахана.
Кхушара хьалхарчу рейсаца новкъа бевллачарна юккъехь алссам кегийрхой болуш (ала деза, кIентий а, мехкарий а), дозалла деш йолчу суна доккха хазахетар хилира Мохьмад вовзарх.
Нохчийчуьра хьаьжой Иорданин Акаба гIалара автобусца СаIудийн Іараве боьлхучу новкъахь масийттазза а хи дохьуш а, цигарчу бахархоша шайн махка тIебаьхкинчу хьаьжошна сагIина кечбина кхача цаьрга дIакховдош а, цхьа эсала, кIеда-мерза велакъажарца, гIиллакхе хиларца гIараваьлла Мохьмад, цигара вахархо ву моьттуш, хийламма а: «Мохьаммад, хи кховдадехьа!» – аьлча, эсала вела а къежий, кхочушдора кIанта шега аьлларг. Иштта гIуллакх масийттазза а нисделча: «Ванах, и кIант вайца ву?!», – аьлла, кхоллаелла шеко хазахетарца дIаелира – «Мохьаммад» баккъал а Мохьмад хиларна а, шен деца-ненаца ХьаьжцIа вогІуш хилар а хиъча.
Генара духе яла хан ца тоьънехь а, суна хиира, Мохьмад гІалин №50 йолчу школехь шен нийсархоша-дешархоша а, хьехархоша а лоруш дешархо хилар. Иза тIехдика доьшуш а, школехь дIахьочу муьлххачу а юкъараллин белхан жигара дакъалацархо а ву. Ткъа генарчу махкахь, нахана юккъехь а билгалъевлла цуьнан нохчийн жимачу стагехь хила йогIу башха амалш – оьзда, гIиллакхе, лераме хиларца тайнера вайн махкарчу алссамчу хьаьжошна.
Оццул жима воллушехь, Мохьмада шена тIелаьцна хьаьжочун дукъ дIакхехьа АллахI Дала аьтто а, ницкъ а, доьналла а, хьуьнар а лойла цунна.
Дала хьаьж къобал а дойла цуьнан!
…Бен-башха а дац, арахь, цIахь вайн кегийрхоша шаьш декхарийлахь долу, (ткъа ша нохчи хетарг декхарийлахь ву!), шайн къоман гIиллакх-оьздангаллин некъашца шайн дахар нисдан а, цаьрца ваха а. Вайн вешан мотт цабийцарх, и цахаарх деса дозаллаш дарх, вешан къоман гIиллакхаш шираллин хьу хетарх, нохчийн ден-ненан доьзалехь вина-кхиъначух кхечу къоман векал хилалур вац. Цундела Мохьмад санна, даггара хиларна шена атта, шен къоман жимхаллин некъ дIакхоьхьург дукхавеза миччахьа хилча а, цунах бIаьрг бузу. Иза ша волчунна а, шен къоманна а юьхькIам бу. Мохьмад иштта хилар цхьа а шеко яц.
Дала хьайн нахана а, халкъана а дуккха а вахавойла хьо!
Т. САРАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Дудаев Мохьмад Сийлахьчу Маккахь
