Гуманитарин рогӀера гӀо-орца дахьийтина Шема

Мохкбегоро зенаш динчу Шемарчу регионашна гуманитарин гӀо-орца латторан болх хӀинца а дӀахьош бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.

Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, гуманитарин рогӀера гӀо-орца Латакия гӀалахь бахархой дӀатарбинчу 2 туьшахь дӀасадекъна.

Билггал аьлча, 3 500 сов стаганна йукъахь дӀасадекънарг 30 тонна гӀо-орца ду: гӀайбанаш, гоьнаш а, йургӀанаш, дама, дуга, берийн даар, и.д.кх.а.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас хаийтина и гӀо-орца дӀасадекъарехь гӀо-накъосталла деш Шемахь йолу Россин эскарийн тоба хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: