
Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь дӀахьочу «The UAE SWAT Challenge 2023» къовсамехь дакъалоцуш нохчий а бу.
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, цигахь дакъалоцуш йу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан бӀаьхойх лаьтташ йолу «АХМАТ» тоба.
Царна куьйгалла деш ву полкан буьйранча Чалаев Замид.
Масех дийнахь лаьттачу оцу къовсамехь дакъалоцуш тайп-тайпанчу мехкашкара 55 тоба йу.
Царах 3 тоба Россин Федерацин цӀарах йу: «АХМАТ», «СОБР», «Витязь».
Тактикин, штурман, нах кӀелхьарбахаран, и.д.кх.а дакъошкахь толлуш йу цигахь тобанаш.
Вовшахтохархошлахь а, хьовсархошлахь а, дакъалацархошлахь а «спецназан Олимпиада» ларалуш йу «The UAE SWAT Challenge».
ЦӀейахханчу оцу къовсаман жамӀаш кхана билгалдевр ду.