Нохчийн «АХМАТ» тоба тоьлла «The UAE SWAT Challenge 2023» къийсамашкахь

Нохчийн Республикерчу «АХМАТ» тобано хьалхара меттиг йаьккхина Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь дӀабаьхьначу «The UAE SWAT Challenge 2023» къийсамашкахь.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан бӀаьхойх лаьтташ йара нохчийн тоба, куьйгалла деш полкан буьйранча Чалаев Замид а волуш.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан бахьана долуш, спортан къийсамашкахь дакъалацарна тӀера тӀеман тийсадаларш дӀадахьаре кхаччалц оьшуш мел долу хьелаш долуш ду нохчийн бӀаьхойн.

ХӀорашеран и «The UAE SWAT Challenge» къийсамаш вовшахтохархошлахь а, дакъалацархошлахь а «спецназан Олимпиада» ларалуш йу.

Карарчу шарахь цигахь дакъалоцуш 30 гергга махкара 60 гергга тоба йара, Россин Федерацин цӀарах 3 а йолуш: «АХМАТ», «СОБР», «Витязь».

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: