А-Хь.Кадыровн фондера рогӀера гӀо-орца шемахойн 120 доьзална кхаьчна

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондера рогӀера гуманитарин гӀо-орца кхаьчна шемахойн махка.

Шемахь йолчу Россин эскаран тобанан гӀоьнца и гӀо-орца Тартус провинцерчу 5 йуьртахь дӀасадекъна фондан векалша.

Мохкбегоро зенаш динчу меттигерчу бахархошна духарш а, берийн даарш а, дама а, дуга а дахьийтина.

Цул сов, оццу гӀоьнна йукъахь четарш а, гӀайбанаш а, йургӀанаш а, гоьнаш а йу.

Къаьсттина хьашто йолчу 120 доьзална йукъахь дӀасадекъна рогӀера гуманитарин гӀо-орца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: