Нохчийн меттан шеран беркат Липецкан областе а кхаьчна

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дӀакхайкхийнчу Нохчийн меттан шарна лерина а болуш, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна Къоман «Даймохк» газето дӀахьочу «Сан дуьне — Нохчийчоь» боламехь дакъа Липецкехь а лаьцна.

Оьрсийн къоман векал, Липецкан областан вахархо, «Региональные новости» холдинган «Новости Липецка» хаамийн службин куьйгалхо Вальковский Николай ву оцу боламехь дакъалаьцнарг.

Цо билгалдаккхарехь, ненан маттана леринчу боламашкахь а, тайп-тайпанчу дӀадолоршкахь а дакъалоцуш алссам нах хиларо воккхавево иза.

Цуьнца доьзна ду цо ша а хӀокху боламехь дакъалацар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: