
Полиомиелитана дуьхьалонна леринчу иммунизацин кхитӀе а болу мур дӀаболабелла республикехь.
И белхаш медицинин хьукматашкахь дӀахьош бу, прививкаш йаран декъехь къахьоьгуш 117 тоба а йолуш.
Оцу тобанашкахь 726 говзанча ву.
Шайн болх дӀабахьа мел оьшуш долу хьелаш царна кхоьллина, вакцинин гӀирсашца а кхачо йу.
Роспотребнадзоран векалша бина оцу хьокъехь хаам.