2023-чу шарахь 3 340 вахархочунна керлачу пéтаршца кхачойийр йу пачхьенехь

Карарчу шарахь 3 340 вахархочунна керлачу пéтаршца кхачойийр йу Соьлжа-ГӀалахь.

Буьйцуш болу бахархой йоха гергайаханчу хӀусамашкара дӀакхалхор болуш бу.

Оцу хьокъехь хаам бина ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.

Хаамехь билгалдаьккхина ма-хиллара, оцу декъера белхаш «ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» къоман проектан гурашкахь дӀахьур бу.

Соьлжа-ГӀалахь санна и болх Невран кӀоштахь а дӀабахьа лерина хилар билгалдоккху говзанчаша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: