Кхачам боллуш чулацаме газет арахеца, лакхахь лаьттачу Iедалан органаша шена хьалахIитточу декхаршца юьззина ларо хьуьнаре йолу коллектив дика вовшахкхетаза а йолуш, шен орган долчу газетан болх тобан 1963-чу шарахь партин обкомо «Ленинан некъ» газете редактор ваийтира хьалха оцу балхахь хилла а, республикин прокурор лаьттина а, лаккхарчу даржашкахь куьйгаллин кхин белхаш бина а хилла волу Мехтиев Хьасан.
Белхан коллективехь хууш дара иза прокуроран болх беш хилла хилар. Цундела массеран а дагахь яра керла веанчу редакторан редакцин журналисташца йолу юкъаметтигаш муха дIахIуьттур ю-те, иза уьш къесто а, хержа а волалур ву-те боху ойла. Цул совнаха, Iедалан дерриге а тIегIанашкахь хаалуш дара нохчийн маттахь арахоьцуш долу газет дерригенна а тIехь ца лара, шолгIачу могIаре хIитто, тIаьхьатетта гIертар. Цундела и хьал хийцадаларе сатуьйсуш, Хьасанах яккхий дегайовхонаш яра редакцин коллективан.
Хьасана шен болх дIаболийра белхан а, гIуллакх кхочушдаран а низам ч1аг1дарна тIера.
– Низам доцчу коллективан болх шерра дIа ца боьду. Уггаре а хьалха вайн ларъян езар ю белхан раж. ХIораммо а хьакъ ма-дду кхочушдан деза шена тIедиллина гIуллакх, – элира Хьасана. – Тахана дан дезарг кханене тIаьхьатоьттур дац вай. Кхана дан дезарг кхин гIуллакх ду. Лакхахь лаьттачу Iедалан органаша вайна тIедехкина декхарш дуьйцийла йоццуш кхочушдеш хила деза. Иза вайн коьрта декхар ду.
Газетан белхан коллективана хьалхалаьтташ долу декхарш дан ма-деззара кхочушдархьама, уггаре а хьалха оьшуш дара белхан низам, болх хаарца вовшахтохархочун ондда куьг. Ткъа оцунна Хьасанан долуш дара дахаран а, белхан а доккха зеделларг.
Керлачу редактора чIогIа лерина само йора газета тIе йолучу хIора материалан. Цхьаццаерш ша йоьшура, еша ца кхиънчеран чулацам буьйцуьйтура шена. Ура-атталла газета тIе йолучу стихотворенин чулацаман а, иза язъяран техникин а духе кхуьура иза. Амма ша жимма а шек верг чекх а йолуьйтура.
Хь.Мехтиев махкахь революци хиллачул тIаьхьа керла Iедал дIахIоттор, куьйгаллин партин политика дIакхехьар, экономика, дешар, могашалла Iалашъяр, кхидолу дакъош кхиор шайн коьрта декхар лоруш хиллачу нохчийн къоман интеллигенцин хьалхарчу векалех цхьаъ вара. Иза Эльдерханов Таьштамир, Арсанов СаIидбей, Мамакаев Мохьмад, Авторханов Iабдурахьман, церан могIарера кхиберш а шена юкъабоьлхучу интеллигенцин тобанах вара. Цаьрца юххера гергарло а дара цуьнан.
Дахаро хьистина вацара Хьасан. Цо лайнера дукха жима волуш да-нана доцуш висар а, дешарх, кхиаран школа чекхъяьккхина, дахарехь дIанисвелла аьлла хеттачу хенахь таIзарийн зерех чекхвалар а. Иза дерриге а шен стогаллех ца вухуш, яхь дIа ца луш, къонахаллица лайра цо.
Мехтиев Хьасан вина 1907-чу шарахь ГаланчIожан районерчу Шуни юьртахь. 1913-чу шарахь школе деша вахана. Иштта дешна берийн интернатехь а, ГIалгIайн областерчу БуритIахь хьехархойн техникумехь а. Цигахь дика доьшуш хиларца кхечарех къаьсташ вара Хьасан. И бахьана долуш дешарехь лаккхара хаарш хиларца билгалбевллачарна юкъахь 1925-чу шарахь Москварчу Малхбален къаьмнийн къинхьегамхойн коммунистически университете деша вахийтира. Цигахь цуьнца цхьаьна доьшуш вара Мамакаев Мохьмад а, Джабраилов ЯрагIи а, Нохчийчуьра кхиберш а. Хьасана университет чекхъяьккхира 1930-чу шарахь.
Дешаран заведени чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо йоццачу хенахь болх бира Нохчийн областан исполкоман инструктор хилла. Оцу балхара хийцина, дукха хан ялале «Серло» газетан редактор хIоттийра Хьасан. 1934-чу шарахь Нохчийн, ГIалгIайн автономни областаш цхьаьнатоьхна, царах Нохч-ГIалгIайн автономни область йира. Цуьнца доьзна. ХIетахь Х.Мехтиевн дIадолорца газетан «Серло» боху цIе хийцина, цунна «Ленинан некъ» аьлла цIе тиллира. И цIе газето лелийра нохчи цIерабаьхна, иза арадолучура саццалц а, цул тIаьхьа республика метта а хIоттийна, 1957-чу шарахь юха а арахеца долийча, 1990-чу шаре кхаччалц а (1990-чу шарахь ша хIинца лелош йолу «Даймохк» аьлла цIе тиллира газетана.
ДIадаханчу бIешеран ткъе уьтталгIачу шерашкахь СССР-хь шуьйра даьржина дара халкъан мостагIа ву олий, бахьана а хIиттош, цхьа а бехк боцчу нахана таIзарш дар: нах цхьа а таллам а, суд а йоцуш, набахтешна чубохкар, х1аллакбар тIепаза байъар. Оцу таIзарех хьалха ца велира Хьасан а. 1939-чу шарахь цхьа а бехк а боцуш, харцонца тоьшаллаш дина, чувоьллира иза. Цигахь лайра ницкъ бар а, сий дайъар а, хало а. Амма Хьасан оцу дерригенах а шен сий ца дойуш, йохьах ца вухуш, юьхькIайн чекхвелира.
1941-чу шарахь паргIатваьлла, цIавеара Хьасан. Шена тIе тидам бохуьйтуш бу цуьнца боьзна болу республикехь цIеяххана вевзаш хиллачу журналистан Чалаев Билалин дагалецамаш. Цо яздо:
«1942-гIа шо, аьхке. Цу хенахь со «Ленинан некъ» газетан редактор вара… Цхьана дийнахь со волчу веара Абдурахманов Iабдурахьман, шеца ткъе уьтталгIа шераш юккъе даханчу хенахь республикин «Ленинан некъ» газетан редактор а, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн АССР-н прокурор а, «халкъан мостагIа» а ву аьлла, лаьцна чохьваьллина хилла Мехтиев Хьасан а волуш». КхидIа Б.Чалаевс хаам бо партин обкоме ВКП(б)-н Центральни Комитетера векалш бахкар а, ша цаьрца Шуьйтан районе вахар а хиъна, цаьрга шаьш шиъ тIеэцар а, шайн кехаташ чохь долу конверташ цаьрга дIаялар а цара шега дехарх лаьцна. Билала кхочушдира церан дехар. Схьагарехь, оцу кехаташца Хь.Мехтиев бехк боцуш лаьцна хиларх а хоуьйтуш, цуьнан бакъонаш меттахIиттор доьхуш хилла хила а тарло. Цуьнан лаам кхочуш бира. Хьасанан бакъонаш меттахIиттийра.
Казахстанерчу Алма-Ата гIалахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх беш а мелла а хан яьккхира Хь.Мехтиевс.
1957-чу шарахь республика меттахIоттийначу хьалхарчу муьрехь Шуьйтан районехь прокурор хIоттийра Хьасан. 1963-чу шарахь юха а, «Ленинан некъ» газетан редактор хилла болх бира, 1971-чу шарахь ша пенсе ваххалц.
Гуттар а цхьанхьа балхахь хила Iемина волу Хьасан, ша пенсе ваханера аьлла, чохь ца сецира. 1978-гIа шо кхаччалц Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан кехатийн, аьрзнийн отделан заведующин болх бира Хьасана.
Хь.Мехтиевс шен хазна юкъайиллина нохчийн литературина а. Газетан агIонаш тIехь хаддаза араюьйлура адамийн дахарехь нислуш долу кхачамбацарш, сакхташ Iорадохуш йолу цуьанан йоцца фельетонаш, зарисовкаш, кхийолу материалаш. Иштта стихаш а язйора Хьасана. Республикин радиос хIиттийра цуьнан «Дайн кхерч», «Сира куй» цIерш йолу радиоспектаклаш, арахийцира «Тешаме некъ», «Кхоран дитта кIел» цIерш йолу книгаш, цуьнан цхьамогIа стихашна тIехь иллеш а дехира.
Хьасан шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх хьанал кхочушдеш а, массо а хIуманна тIехь нийсо езаш а, лелош а вара. Цуьнан гуттар а хьалхарчу планехь дара дерригенна а тIехь жоьпалла хилар. Изза лоьхура цо шен куьйгалли кIел болчаьргара а. Цундела иза белхан коллективехь хилла ца Iаш, республикехь а дика вевзаш а, лоруш а вара.
Хь.Мехтиев, дерригенал а совнаха, кхечеран забарх дика кхеташ а, ша иза ян хууш а вара. Цуьнца доьзна суна дагайогIу иштта меттиг. Делкъан хенахь тхо, редакцин къона белхахой, гуттар а шахматех ловзура. Цхьана дийнахь делкъанна ловзар чекхдаккха ца кхиъна, чухула догIа а тоьхна, кабинета неI дIакъевлира оха. Иза а хиъна, Хьасана, неI а тоьхна, иза схьаеллар дийхира. Тхо чохь доцу сурт хIоттийна, дIатийра. Амма Хьасана шолгIа а неI туьйхира. Дан хIума дацара. НеI схьа ца йиллича ца йолура. Тхешан цхьана накъосте неIаран догIа схьадаккхар а дехна, сайн хечин доьхка схьадаьстина, Хьасан чоьхьаволуш, иза юха дIадехка волавелира со. Хьасана, чоьхьаволлушехь стоьла тIехь лаьттачу шахматашка а, ткъа цул тIаьхьа доьхка дIадоьхкуш лаьттачу соьга а хьаьжна, хаьттира:
– Хьо хIун деш ву?
Ас жоп делира:
– Редакцина юххерчу туьканара эцна йолу хIара хеча юстуш дохкура тхо-м. ТIаккха цкъа шахматийн уьн т1е а, тIаккха ас дIадоьхкучу доьхкаре а хьаьжна, Хьасана элира: – Иза стенна юстуш ю, иза хьан тиша хеча ма-ю? Массо а бийлабелира. Цу тIехь тхан дов дIадирзира.
Ала деза, Мехтиев Хьасана нохчийн журналистика, литература кхиорна мехала хазна юкъайиллина а, шен дика лар йитина а хилар.
С.МАГОМАЕВ
№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо