РУС-хь дӀахьур бу гӀишлошйаран а, тойаран а белхаш

Гуьмсехь йолчу Россин спецназан университетехь (РУС) гӀишлошйаран а, тойаран а белхаш дӀахьур бу.

Куьйгаллехь Нохчийн Республикин вице-премьер — лаьттаца а, бахамца а йолчу йукъаметтигийн министр Кадыров Хьамзат а волуш, цунна лерина кхеташо дӀайаьхьна.

Цигахь къастийна РУС-хь бан безаш болу белхаш, билгалбаьхна хьокъала доллу нах, царна хьалха Ӏалашонаш а хӀиттийна.

Коьртачу декъана аьлча, хьалха бан безачу белхийн могӀарехь ду герзаш кхийсаран туьшаш тойар, уьш кхин а тӀейар, лерринчу а, тӀеман а техникин шопарш кечбаран комплекс а, коьрта КПП а, маьждиг а дар.

Цул сов, коьрта гӀишло йаран белхаш а дӀахьур бу.409:13

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: