Нохчийн мотт кхоллабаларна лерина дуьненайукъара конференци…

ЦӀейахханчу Ӏилманчаша дакъа а лоцуш, нохчийн мотт кхоллабаларна лерина дуьненайукъара конференци дӀайахьа лаамехь йу Нохчийн Республикин Ӏилманийн академи.

«Вайнах» ПТРК-н эфирехь арайолучу «Актуальная тема» программехь ша дакъалоцуш оцу хьокъехь хаам бина НР-н ӀА-н президента Умаров Джамбулата.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийчуьра а, Россин регионашкара а, Европин мехкашкара а, Гуьржийчуьра а, Эрмалойчуьра а, Туркойчуьра а Ӏилманчаша цигахь дакъалацар ду вовшахтохархойн Ӏалашонехь.

«Дуьненан шираллехь маьӀне меттиг дӀалоцуш нохчийн халкъ хиларна тӀаьхьакхиа оьшуш гӀуллакх ду иза«, — элира Умаров Джамбулата.

Нохчийн меттан шираллица доьзнарш дийцаре даран болх дуьненан тӀегӀане баккхаран Ӏалашонца дӀахьур йу и конференци.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: