Путин Владимира Невский Александран орден йелла Ахмадов Мохьмад-Эмина

Россин Федерацин Президента Путин Владимира Невский Александран орденца билгалваьккхина Россин Социальни фондан Нохчийн Республикерчу дéкъан урхалхо Ахмадов Мохьмад-Эми.

Оцу хьокъехь долу Указ Хаамийн бакъонийн PRAVO.GOV.RU порталехь зорбатоьхна.

«Балха тӀехь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а«, — йаздина цу тӀехь.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь къахьоьгуш волу Ахмадов Мохьмад-Эми дика белхахо а, похӀма говзанча а санна вевзаш ву махкахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: