
ЦӀерпоштнекъашкахула киранаш дӀасакхехьаран декъехь къахьоьгуш йолчу «Промжелдортранс» предприятехь баккхий хийцамаш хир бу.
Белхан гӀуллакхца цигахь хиллачу Нохчийн Республикин вице-премьера — лаьттаца а, бахамца а йолчу йукъаметтигийн министра Кадыров Хьамзата бина оцу хьокъехь хаам.
Ахчанца долу гӀо-накъосталла инвесторшкара а доьхуш, предприятина сихонца гӀо-орца хилийта лерина ду Ӏедал.
ГӀо-орцанна йукъадогӀу предприятин гӀишлош меттахӀиттор а, ков-керт а, уьйтӀе а тойар а, и.д.кх.а.
Цул сов, «Устрада-ГӀала — Чуьйри-Эвла» («Цементная» станци) аьчканекъ меттахӀоттор а ду дийцаре деш.
И берриге а белхаш дӀабахьаро белхан 150 сов меттиг кхуллур йу.