
Кадыров Рамзана схьадиллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан чоьтах дина а, Таймасхин Тимарсолта-Хьаьжин цӀарах долу а маьждиг.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Къилбаседе-Кавказан ФО-н Ӏеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас гулбеллачарна довзийтира Тимарсолта-Хьаьжин дахар а, цуьнан дика хилла амалш а.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, Тимарсолта-Хьаьжин тӀаьхьенах болу кӀентий йуьхькӀоме къахьоьгуш бу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь.
«Хьекъале хьехарш деш а, беркате дарсаш луш а хилла вара Тимарсолта-Хьаьжа. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь а, республикин социальни маьӀне дакъош кхиорехь а къахьоьгуш бу цуьнан доьзалхой«, — дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.