Р.Кадыровн цхьаьнакхетар хилла Пскован областан губернаторца М.Ведерниковца

Белхан гӀуллакхца Нохчийн Республикехь хилла Пскован областан губернаторца Ведерников Михаилца цхьаьнакхийтира Кадыров Рамзан.

Нохчийн Республикин Мехк-Деца шен хиллачу къамелехь Ведерников Михаила Соьлжа-ГӀалица а, Нохчийчоьца а йоьзна шен ойланаш а, хьежамаш а бовзийтира.

Цо билгалдаккхарехь, тӀаьххьара Соьлжа-ГӀалахь 7 шо хьалха хилла вара иза.

«Кхиамаш хӀетахь а бара кхузахь. Амма, тахана гуш долу сурт башха ду, со чӀоггӀа реза а веш«, — дийцира Пскован областан губернатора.

Цул сов, Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь доккха дакъалоцуш Нохчийн Республика хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш, Кадыров Рамзанна баркалла а элира цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: