
Шахматашкахула йолчу Нохчийн Республикин Кубкан 2-гӀа мур дӀабаьхьна А.Айдамировн цӀарахчу Къоман библиотекехь.
Соьлжа-ГӀалин а, иштта, Грозненски а, Курчалойн а, Хьалха-Мартан а кӀоштийн а векалш бара цигахь дакъалоцуш.
Къовсаман жамӀашца а догӀуш, 1-ра меттиг Саидов Билухьаьжа йаьккхира, 2-гӀа меттиг — Дежурко Аркадийс, ткъа 3-гӀа меттиг — Сатуев Эмина.
Божаберашлахь толам баьккхира Асуев Хас-Мохьмада, ткъа зудаберашлахь — Зайпулаева Альбинас.
Ветеранашлахь толам баьккхинарг Махаев Данилбек ву.
Билгалдоккху цигахь дакъалоцуш 32 шахматхо (10 шарера 80 шаре кхаччалц) хилла хилар.