
Россин тайп-тайпанчу регионашкахь бехачу нехан 2 062 кост-дехар теллина Россин регионашкахь а, федеральни округашкахь а йолчу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалаллийн белхахоша.
Царах 1 743 кост-дехар кхиамца кхочушдина, 151 кост-дехаран хьокъехь кхетор дина, 19 кост-дехар, шайн балхаца догӀуш цахиларна, дӀатеттина, ткъа 149 кост-дехарна тӀехь беш болх бу.
И болх баханчу чиллин баттахь бина бу цара.
Белхан меттигаш нисйарца а, могашалла lалашйарца а, хӀусамашца доьзна кхачамбацарш дӀадахарца а доьзна хуьлу вайн республикин Мехк-Ден векалшка кхочу дехарш.
Билгалдаккха догӀу Нохчийн Республикин Мехк-Ден векалша Россин субъекташца а, федеральни округашца а Нохчийчоьнан культурин, Ӏилманан-техникин, махлелоран-экономикин зӀенаш дӀатасаран а, кхиоран а декъехь къахьоьгуш хилар.