НР-н ИТ-н «Дато бухӀа» йелла Веселаева Рузанина

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухӀа» премин совгӀатхой билгалбаьхна Соьлжа-ГӀалахь.

И совгӀаташ луш ду тайп-тайпанчу дакъошкахь, литература тӀера медицинин а, дешаран а биста кхаччалц.

Ӏилманехь а, дешарехь а, журналистикехь а, искусствехь а, могашалла Ӏалашйарехь а, литературехь а цӀейаххана болу нах хуьлу церан лауреаташ.

«Журналистика» декъехь «Дато бухӀа» «Вайнах» ПТРК-н директорна Веселаева Рузанина йелла.

Геннарчу 2008-чу шарахь къахьега йолайелла йу иза оцу телерадиокомпанехь.

2017-чу шарахь «Грозный» НПТРК-н директоран заместитель хӀоттийна иза, ткъа 2020-чу шарахь — «Вайнах» ПТРК-н директор.

Тахана а оцу даржехь къахьоьгуш йу Веселаева Рузана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: