Ялташ чудерзоран белхаш дIаболийна

IMG_1638

Шелан районан бахамашкахь кху деношкахь дIадолийна ялташ чудерзор. И белхаш хьалха дIаболийра «Герменчукский» а, «Джалка» а бахамашкахь. Кхиболчу бахамашкахь оцу гIуллакхна кечамаш беш бу. ДIаяханчу гурахь йочанаша яккхий новкъарлонаш йинехь а, районан ялх бахамехь 3482 гектара тIе ялта дIадийра. Дийнахь хьегна ца Iаш буьйсанна а къахьийгира латталелорхоша. Цара дIадийначу ялтех 540 гектара тIехь сула, 40 гектара тIехь мукх  бара. Аренашлелорхой тешна бу дIадаханчу шарахьчул а алсам беркат чуэца шайн аьтто хирг хиларх. «Герменчукский» бахамехь латталелорхоша хIинцале а чуберзийна 82 гектара тIера мукх, хIора гектара тIера – 22 центнер. Ялта чудерзорехь йоккха жигаралла гойту комбайнёраша Висаев Iабдул-Бекий, Каимов Рамзаний. Марханаш дара аьлла малбалар доцуш шайх дозург деш хьанала къахьоьгу районан кхиболчу аренашлелорхоша а. Кху деношкахь кхечу бахамашкахь а дIадолор ду ялташ чудерзор. Карарчу хенахь йоьхна техника оцу балхана кечъеш, чудерзийна ялта охьадохка меттигаш тоеш бохкуш бу уьш, хаам бира Шелан районан администрацин бахаман отделан куьйгалхочо Осмаев Iайндис.

МАТАГОВ Исхан

№ 73, еара, 2 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: