
Россин Федерацин Президента Путин Владимира цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Йерригроссин берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан Нохчийн Республикерчу дéкъан Кхеташонан куьйгалхочуьнца Кадыров Ахьмадца.
Федерацин Президентана республикехь дӀахьочу кегийрхойн политикин хьокъехь дийцира цо.
Делахь а, къамелан коьрта дакъа Кадыров Ахьмад-Хьаьжах лаьцна хилира.
Путин Владимира Ахьмадна дийцира цуьнан дедех лаьцна, бовзийтира цуьнан хилла хьежамаш, машаречу дахаре хилла цуьнан сатийсамаш, иштта, шайн доттагӀалла тасадаларх а, и.д.кх.а.
Россин Президентан къамелехь дуккха а керланаш, дуьххьара дийцинарш дара.
Дахарехь оьшур долу хьехарш а дира Путин Владимира Ахьмадна, Ахьмад-Хьаьжах дозалла дина ца Ӏаш, цо дӀаболийна некъ дӀабахьа а, тӀебуза а декхарийлахь хилар а хоуьйтуш.
Иштта, керла доьзал кхолла гӀерташ волу Ахьмад даггара декъала а вира Путин Владимира цхьаьнакхетаран чаккхенехь.
Ткъа Ахьмада баркалла элира цунна шен а, нохчийн кегийрхойн а цӀарах.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а баркалла аьлла Россин Федерацин Президентана, оьшшучу хӀуманна тӀехь нохчийн халкъана гӀо-накъосталла деш иза хиларна.
Цуьнца цхьаьна, пачхьалкхан Ӏалашонаш а, цуьнан цхьаалла а Ӏалашйеш, кхерамзалла а латтош, Даймахкана а, Коьртачу Буьйранчина а муьтӀахь хирг хилар а дӀакхайкхийна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.