
«ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» цӀе йолчу къоман проектан гурашкахь йукъараллин 44 майда тойийр йу республикехь.
Цхьайолчу майданашкахь белхаш хӀинцале а дӀаболийна.
И белхаш йерриге а муниципалитеташкахь дӀабахьа лерина хиларна тӀе тидам бахийта богӀу.
ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствон векалша билгалдаккхарехь, карарчу шарахь тойийр йолу йукъараллин майданаш бахархоша шаьш хаьржина йу.
Паркаш а, гӀашлойн а, садаӀаран а майданаш а, и.д.кх.а майданаш йу уьш.