
ГӀоьналлин болх цхьана денна а сацош бац Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Telegram чуьрчу шен каналехь Кадыров Рамзана билгал ма-даккхара, фондера рогӀера гӀо-орца Луганскан Халкъан Республике дахьийтина.
Билггал аьлча, 10 тонна сов гӀоьналлин орца кхаьчна Боброво а, Осколоновка а йарташка.
Меттигерчу бахархошна духарш а, кхачанан сурсаташ а, берашна мерзалгаш а, кхиболу гӀирсаш а бу кхаьчнарш.
ГӀо-орца дӀакхачоран а, дӀасадекъаран а болх «АХМАТ» спецназан бӀаьхоша дӀабаьхьна.